Сеца ца лун бӀаьрхиш лега вайн баккхийчеран 1944 шеран 23 февраль дагадеача 

Новкъахь мел кхелхира?! Каш доцуш, барз боцуш мел дакъа дити некъахь?! Сибрехахь, дӀатарбаллалц мацалло, цамгаро, махкалло мел эгий нохчий?!

Сеца ца лун бӀаьрхиш лега вайн баккхийчеран 1944 шеран 23 февраль дагадеача. Уьш лечкъо а ца гӀерта уьш и де дагалоьцуш, йа лиъча а хьул а лур дац, хи санна дукха уьш охьаэхарна.

Йа АллахӀ Везан-Дела, доьху Хьоьга, Сибрехахь а, вайзаманан тӀемашкахь а, таханлера машаре стигал ларйеш а, мел кхелхина Нохчо гӀазот декъахь ве Ахь! Доьху Хьоьга, Сийлахь АллахӀ, нохчийн къам вочу мел долчу хӀуманах лардехьа, Нохчийчохь маьрша дахар лардехьа!