Ас даггара декъалдо шу бусалбанийн рузманехь уггаре дезачу денойх долчу Мархадастаран Ӏийданан Денца! 

Лараме Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Лараме Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах Регионера йукъараллин фондан президент Несин Аймани! Лараме махкахой – йижарий, вежарий!
Ас даггара декъалдо шу бусалбанийн рузманехь уггаре дезачу денойх долчу Мархадастаран Ӏийданан Денца!
ХӀокху баттахь вайн йина Ӏамалш, таравихьаш, даьхна сагӀанаш, закаташ бахьанехь Лекха хин волчу АллахӀа шен доза доцучу къинхетамана кӀел дуьгийла вай! Массеран Марха къобалдойла, лайна хало, хьегна къа Дала миэле дуьллийла! ТӀейогӀучу заманна йуха а марха кхаба а, даста а Дала могаш-маьрша дуьтийла вайӀ
Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Умаров Вахьидан Джамбулат