Кхаари-дийнахь дӀайаьхьначу рогӏерчу семинарехь омографийн маьӏна къасто йина алгоритмаш йийцаре йира

Церан буха тӏехь кечйинчу программин белхан жамӏаш довзийтира Астамиров Арсламбека.
Хехаев Салахьа кхидӏа церан белхан нийсаллин маххадоран тайп-тайпана некъех дийцира. Цу гӏуллакхна лерина йиъ формула йовзийитра цуо. Царах тайп-тайпанчу декъашкахь пайдаоьцу. Маххадорехь кӏоргалла ца оьшучохь лелош йолу Accuracy метод компьютерийн лингвистикехь лелийча, талламийн тӏегӏа лахара хилар дийцира. Recall метод медицинехь а, иштта позитиван жоьпаш тӏе коьрта тидам бахийта безачу кхечу декъашкахь а лелайо. Ткъа негативан жоьпийн нийсалла коьрта йолчохь Precision лелайо. Цу шинна а методах пайда а оьцуш, хӀоттийна йу F-1 формула.
И доллу некъаш дийцаре дича, отделехь карарчу ханна дӏахьучу балхана мелла а пайдехь берг тӏаьххьара некъ лерира. Кхидӏа белхахоша омонимийн маьӏна къасто йечу программийн белхан нийсаллин маххадош, F-1 формулех пайдаэца сацам хилира.