
Тахана Нохчийн Республикин Iилманийн академин тховкIелахь дIаяьхьира Гадаев Мохьмад-Салахьан 110 шо кхачарна леринчу республикин тегӀанехь Iилманан а, практически а конференци. Конференци дIайоьллуш конференци декъахошка а, ладогIархошка а вистхилира НРIА президент, историн Iилманан доктор Гапуров Ш.
Иштта республикин дешархошна юкъахь дӀаяьхьначу «Мохьмад-Салахьан кхолларалла уггаре а дика юьйцург» цӀе йолчу конкурсехь хьалхара меттигаш яьхначара Гадаев Мохьмад-Салахьан кхоллараллина юкъара прозин а, лирикин а говзарш йоьшуш исбаьхьа говза сурт хIоттийра.
Иштта конференцехь шайн докладаш йийшира:
- Дадашев Райком «Гадаев Мохьмад-Салахьан дахарехь а, кхоллараллехь а Ӏаткъаме хиламех лаьцна»;
- Абдулкадыров Адам «Гадаев Мохьмад-Салахьан литературин кхоллараллин кесталлин дошам;
- Бурчаев Хьалим «Аганан уьн тӀера упхане яьхьна ойланаш»
- Газиева Аза «Къаьхьачу кхолламан зевне илли»;
- Мусаева Асет «Безаман тема – Гадаев Мохьмад-Салахьан кхоллараллехь»;
- Шавлаева Тамара «Гадаев Мохьмад-Салахьан кхоллараллехь болу сингIаттам».
Конференци ерзош, йинчу докладийн мах хадош, вистхилира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун пресс-секретарь Каримов Iаьлви.
Мероприяти дIаяьхьна волчу физикин-математикин Iилманан доктора, Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президенто Дадашев Р. хаам бира конференцехь дакъалаьцначарна совгIаташ а луш, 5-чу декабрехь Ножи-Юьртахь культурин ЦIийнахь Гадаев Мохьмад-Салахьан лерина шуьйра мероприяти дIахьург хилар.