Марха дастаран денца!

Лераме Несин йоI Аймани!

Даггара декъалйо Хьо, кху Сийлахьчу хенаца. Дала марханаш а, Ахь йина дика Iамалш а къобалйойла Хьан. Иштта Къинхетамечу Дала тIейогIучу массоа ханна гIо оьшучарана гIо-накъосталла дан аьтто бойла Хьан. Айхьа мел дина а, деш долу а диканаш Лекха хин волчу Дала диканца садохийла Хьан, дуьненчохь а, Эхартахь а.

Хьо езачеран, Хьайна безачеран вон ца гуш, Сийлахьчу АллахI-Дала ирсе, могаш, самукъне яхайойла Хьо вайн хазачу махкахь. Дала Шен къинхетамца дог хьостийла Хьан, Дала диканца бекхам а бойла Хьуна, хIора а Ахь дог эцначу мискачун цIарах!

Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров Ш.А.