Марха дастаран денца!

Лараме Нохчийн Республикин Мехк-Да Ахьмад-Хьаьжин Рамзан!

Ас даггара декъалво Хьо, Мухьамад-Умматан уггаре а дезачу Мархадастаран Iийданан Денца!

Веза хин волчу Аллах1-Дала марханаш къобалдойла Хьан, лайна хало а, хьегна къа а Дала меле дуьллийла!

Лекха хин волчу Дала хIинца санна, Хьайн къомана беркате волуш, тIейогIучу массо а ханна, Айхьа мел йина дика Iамалш дуьненчохь а, Эхартахь а сайохуш, Айхьа вайн къомана а, махкана а деш а, дина а долу диканаш дан тIейогIучу массо а ханна диканца вайн къомана хIинца санна везаш, Хьайн бусалбачу дагца латтавойла Хьо Сийлахьчу-АллахIа вайн махкана. Дала Хьайн дагахь долчу а, доцчу а дикане кхачавойла Хьо, Хьо везачаьрца, Хьайна безачаьрца!

Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров Ш.А.