Мовлд дешар

Тахана Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин тховкӀелахь, Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжин 70 шо кхачарна лерина, мовлд дийшира. Мовлд дешначул тӀаьхьа хьахийра Ахьмад-Хьаьжин некъах нохчийн махкана а, нохчийн къомана а хилла дика белхаш, хӀинца а цунах схьадуьйлу беркат а. Иштта шайн доӀанашкахь хьешаша а, коллективо а Деле вийхира вайн Паччахь а, вайн Къам а. Дийхира вайн махкана Делера къинхетам а, хӀинца санна маьрша стигал латтор а.