Декъалвар

Сайн цӀарах а, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин коллективан цӀарах а даггара декъалво Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан «Нохчийн мотт Ӏалашбарна а, кхиорна» орден йаларца.

Нохчийн къоман са лара мегар долу нохчийн мотт кхиор лакхарчу тӀегӀане даьлла Йахь йолчу Ден Йахь йолу КӀант Ахьмад-Хьаьжин Рамзане Нохчийн Къам а, Нохчийн Республика а тешийнчу хенахь дуьйна. Цундела ларамза дац Ахьмад-Хаьжин Рамзанна Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерстоно и мехала совгӀат далар.

Йуха а цкъа, лераме Паччахь, ас даггара декъалво Хьо, Нохчийн Къоман амале диллича, сийлахьчу совгӀатца «Нохчийн мотт Ӏалашбарна а, кхиорна» орденца.