Декъалвар

Сайн цӀарах а, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин колллективан цӀарах а даггар декъалво Россин Федерацин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дарже харжарца.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун харжамашкахь билггал толам баьккхира Кадыров Рамзана, йа ма-дарра аьлча, харжамаш дӀаболабале а  цунна цхьа а шеко а йацара. ХӀунда аьлча, массарна  а гуш  ду, махкал арахь  а хууш ду, Кадыров Рамзана шен халкъан дуьхьа хьоьгу инзаре къа а, лелайен говза политика а. Цунна тоьшалла ду Нохчийчоьнна тоьхалура маьрша стигал а, тӀеман Ӏовкъаршлара хьалагӀиттина йарташ, гӀаланаш а, доьхку шера, шуьйра некъаш а, хьанал болх бан, кӀорггера деша кхуллу хьелаш, ларйен адаман бакъонаш, гражданинан паргӀато а. И ша дерриге, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана,  къар ца луш, йуха ца волуш, шен ден, Сийлахь-Воккхачу Нохчочун Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжин некъ йуьхьарлацар ду.

Цундела дерриге нохчийн къам тахана а тешна ду, Йахь йолчу Ден Йахь йолу КӀанта Нохчийн Къомо йуха а Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дарже харжарца цо кхин дӀа Кадыров Ахьмад-Хаьжин беркате некъ дӀахьуриг хиларх а, Нохчийн Республикина кхин дӀа а, кхин сов а дуккха а беркат дериг хиларх.

Йуха а цкъа, лераме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, ас даггара декъалво Хьо хьайн даржаца – Нохчийн Республикин Куьйгалхо!

Дала тӀаьхье беркате йойла!

Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Гапуров Шахьруди.