Декъалвар

Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Ас даггара декъалво Хьо рогӀера  Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дарже хӀоттарца. Кхочушхилларг Делан лаам бу, Далла лууш хилла, азаллехь йаздина а хилла, Хьо Нохчийн къоман лидер хилар а, Нохчийчоьнан Мехк-Да хилар Нохчийн къоман ирс дуйла. Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан (Дала гӀазот къобалдойла цуьнан) некъ дӀа а хьуш, Хьан аьтто белира Цуьнан лаамаш кхочушбан – Нохчийчохь машаран стигал йаржо, нохчийн къам дахара нийсачу хорше дерзо. Бакъ долуш, гуш бу вайн республикехь хьан куьйгаллех довлу беркаташ: кхуьу гӀаланаш, денло йарташ, доьхку некъаш, хьалахIиттайен гӀишлош иштта кхин дӀа а. Цундела дӀабаьхьначу харжамашкахь нохчийн къомо, массара цхьабосса ала мегар долуш, кхаж тесира Хьуна, йуха а Нохчийн Республика Хьоьга тешош.

Йуха цкъа Хьо декъалвеш, лараме Паччахь, Дала аьтто бойла Хьан айхьа схьалаьцначу некъ тӀехь, Дала могашалла латтайойла Хьуна и некъ дӀабахьа! Дала тӀаьхье беркатей йойла, сийлахь Мехк-Да!

Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров Ш.А.