Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан!

Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан цIе мосазза хьахайо, Нохчийчоьн сий лакхадолу, нохчийн къомана боккха йуьхькIам а хуьлу!
Иштта рогIера кхаъ кхаьчна вайга: Россин Федерацин Президентан Владимир Владимирович Путинан Сацамца тIе а чIагIдеш, йукъараллин маьIне йолу мероприятеш кечйарна а, дIайахьарна а Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна совгIат дина «РОССИН ФЕДЕРАЦИН ПРЕЗИДЕНТАН СИЙЛАЛЛИН ГРАМОТА» йаларца. Ларамза дац Россин Федерацин Президенто Владимир Путина Нохчийн Республикин Мехк-Ден Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан иштта лакхара мах хадор: Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, махкахь хилла ца Iаш, луларчу республикашкахь а, Россин Федерацин субъекташкахь а, кхечу пачхьалкхашкахь а дика цIе йоккуш а, дош лелаш а Паччахь ву. Кхечу пачхьалкхийн паччахьаша а дозаллица тIеоьцу Нохчийн Республикин Мехк-Да, шаьш долчу хьошалгIа веача.
Вайзаманехь Россин Федерацин, чоьхьара хилла ца Iаш, арахьарчу политикехь а, Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан хетарг тидаме ца оьцуш, цо кховдийнчу некъах пайда ца оьцуш, ца Iа. Къеггана цунна масал ду ДНР, ЛНР нацистех, бандеровцех цIанйеш дIахьучу тIеман спецоперецехь Кадыров Рамзана лоцу дакъа.
Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Ас даггара декъалво хьо оцу сийлахьчу хиламца РФ-н Президенто Владимир Путина Сийлаллин грамота йаларца! Дала тIаьхье беркате йойла!
Сий долчу Къоман Сийлахь Паччахь Ахьмад-Хьаьжин, Дала латтавойла хьо нохчийн къомана! Ахь дага мел лаьцна хIума кхочушдан Дала аьтто бойла Хьан!
Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров Шахьруди.