Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, сий долчу Къоман сийлахь Паччахь!

Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, сий долчу Къоман сийлахь Паччахь, Пайхмаран (Делера салам-маршал хуьлийла цунна) Суннат лардархо, Сийлахьчу Къуръанан ГӀуллакххо, АллахӀа-Дала къобалдойла Хьан Хьаж! Веза хин волчу АллахӀа-Дала йезачу Хьармехь Ахь динчу доӀанна а, Ахь аьллачу аминна а жоп лойла! Йезачу Къаабана тӀавап деш Ахь дехнарг дуьхьал диканца жоп доцуш ма дуьтийла!
Йокху йезачу хенахь Ахь мел йинчу Ӏамалан миэл-йолано а, Ахь мел хьаьстинчу мискачу бусалба нехан даго динчу доӀано а генарчу пана-махкахь, Нохчийн къоман сий лардеш, Хьан, сий долчу Къоман сийлахь Паччахь, дош лардеш, Даймехкан дуьхьа къахьоьгу нохчийн бӀахой, зенах-зуламах ларбеш, шайн Ӏалашонна тӀекхачабойла, Нохчийчоьнна тӀебогӀу бала а йухатохийла, Нохчийчоьнан бахархой а вочу балхахь Ӏалашбойла!

Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Гапуров Шахьруди