Дала гӀазот къобалдойла Сийлахь-Воккха Нохчочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин!

Нохчийчохь, къоман цӀе а, мехкан сий а лардеш, къонахий лаьттина массо а заманахь: Адин Сурхо, Шайх Мансур, Таймин Биболт иштта кхин а, кхин а. Церан магӀарехь ву вайзаманан Турпалхо, Сийлахь-Воккха Нохчо Нохчийн Республикин Хьалхара Президент Кадыров Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад -Хьаьжа а. Иза иштта хилар гучуделира 1999-чу шарахь – Ахьмад-Хьаьжа шен къоман а, мехкан а дуьхьа, гӀодаюкъ йихкина, араваьлча.. Цуьнан герз бакъонан дош
дара, Iилманан кIорге яра, Ӏеламстаг хилар а дара. 2022 шеран 23 августехь 71 шо кхочу, нохчийн къомана къаъ хуьлуш, Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжа дуьнен чу ваьлла. ХӀаъ, эзарнашкахь кIенташна кхаъ хилира Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжин дош – эзарнаш кӀентий маьршачу дахаре йухаберзийра цо, шех теша а бина. Собар, кхетам, йуьхьдуьхьал, къаьхьа делахь а, бакъдерг алар, йист-барам боцу доьналла – уьш йара Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжин васт кхуллу коьрта билгалонаш.
Дуьненйукъарчу терроризмаца къийсам латтош гӀазотехь дӀакхелхира Нохчийн Республикин Хьалхара Президент Кадыров Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжа (Дала гӀазот къобалдойла цуьнан!). Амма Сийлахь-Воккха Нохчо, ша бакъдуьненчу верзале, ларийра нохчийн къам сирлачу къане дуьгур долу некъ къасто! Цу некъа тӀехь ирсачу дахаран маьрша байракх леккха хьалаайбира Йахь йолчу Ден Йахь йолчу КӀанта Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана – Нохчийн Республикин Мехк-Дас!
ХӀокху деношкахь вайн махкахь дӀахьуш ду Нохчийн Республикин Хьалхара Президент Кадыров Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад -Хьаьжа винчу денна лерина цхьамоггӀа белхаш: йарташкахь, шахьаршкахь, пачхьалкхан хьукматашкахь сагӀанаш дахар; цуьнан къонахалла, сийлалла, оьздалла, йаьхь дийцаре деш, дийцанарш йухакарладохуш дагалецамийн суьйренаш дӀайахьар.
Дала декъалвойла Нохчийн Республикин Хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа! Дала гӀазот къобалдойла Сийлахь-Воккха Нохчочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин!
Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Умаров Джамбулат.