Веза хин волчу АллахӀа хьан шераш беркате дойла!  


Тахана нохчийн Ӏилманийн хьаьрмехь куьйгалла дечу, къоман иэс ларалун нохчийн истори а талларехь, къоман са ларалун нохчийн мотт а кхиорехь, и ларбарехь, цаьрца цхьаьна кхидолу Ӏилманашна дуккха беркат шех схьадолуш волчу, шен дахаран оьмаран дукхахдолу дакъа нохчийн къоман сий айдеш, нохчийн къомах лаьцна дика дош даржош, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин Президент даржехь Ӏилманчашна дика накъост а хилла схьавогӀучу нохчийн къоман бакъволчу кӀанта, политикин Ӏилманийн кандидата, Умаров Вахьидан Джамбулата дӀалуьсту шен сийлахьчу дахаран исбаьхьчу тептаран рогӀера кехат!
Массарна хууш ду, лараме Вахьидан Джамбулат, хьан цӀе вайн гонахьарчу мехкашкахь а, Россин кхийолчу регионашкахь а, иштта гергарчу а, генарчу а пачхьалкхашкахь дика йевзаш хилар а.
Лараме Турпалхойн Мехкан Турпалчу Мехк-Ден Тешаме накъост Вахьидан Джамбулат! Лакхахь хьахийна массо а хьал дага а лоцуш, оха, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин белхахоша, даккхийдерца даггара декъалво хьо Винчу денца! Веза хин волчу АллахӀа хьан шераш беркате дойла! Кхин дӀа а хьан доьзалан ирсана а, вайн махкана, нохчийн Ӏилманна, тахана санна, беркате волуш, могашалла а йолуш, шо мел долу хьайн кхиамех кхин а сов а воккхуш, дуккха шерашкахь ирсе вахавойла хьо!
Дала Шен дикане кхачавойла хьо!

Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин коллектив