Хьомсара Зударий- тхан Наной, Йижарий, ЙоIарий!

Сайн цӀарах а, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин цӀарах а Нохчийн Зудчун Денца шу декъалдеш, даггара лаьа, стигал санна шуьйра ирс Шун хуьлийла, Шун доьзалехь шортта беркат латтийла, ийман-барт денна совболийла! Иштта лаьа Шу могуш а, маьрша, дуккха а шерашкахь Шайн доьзалан вуо а ца гуш, Шайн хазаллех а ца хедаш дехийла! Дала диканца дуккха а дахадойла Шу. Оха Шу лара а лору, оха Шун сий до, Дала дуьне-эхарт декъалдойла Шу НОХЧИЙН СИЙ ДОЛУ ЗУДАРИЙ!
Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Джамбулат Умаров.