Турпалхойн Мехкан Турпала Мехк-Да!

Турпалхойн Мехкан Турпала Мехк-Да, лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Сайн цӀарах а, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин цӀарах а даггара декъалво хьо винчу денца! Хьайн хьуьнаречу дахаран исбаьхьчу тептаран рогӀера кехат дӀалуьсту ахь тахана а. Веза хин волчу АллахӀа, могашалла ца эшош, Хьайн гергарчу нехан а, хьайн къоман вуо а ца гуш, хьо дукхавезачу нахана хьан вуо ца гуш, дуккха а шерашкахь вахавойла хьо! Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президенто Кадыров Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжас (Дала гӀазот къобалдойла цуьнан) къастийнчу некъа тӀехь, къар ца луш, ондда къахьегар, хьайн са а, дегӀ а ца кхоош нохчийн къоман паргӀато ларйар а, Нохчийчоьнна тӀоьхула маьрша стигал латтор а хьайн коьрта декхар лерина, хаддаза къахьоьгуш схьавогӀу хьо, лараме Паччахь.
Нохчийн Махкахь машар ларбарехь а, кхиорехь а, хазбарехь а, сийлахьчу нохчийн къоман дахар кхин д1а а маьрша а, токхе а дарехь, баккхий кхимашца соввоккхуш, хьайн Ден, Сийлахь-Воккхачу Нохчочун Кадыров 1абдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжин некъ ларбеш, и кхин д1а а д1абахьа Дала латтавойла хьо!
Кхин цкъа а, лараме Сий долчу Къоман Сийлахь Паччахь, ас даггара декъалво хьо винчу Денца! Веза хин волчу АллахӀа-Дала Ӏалашвойла хьо!
Дала аьтто бойла хьан даим!
Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Д.В. Умаров