Лараме Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Лараме Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах регионера йукъараллин фондан президент Несин Аймани! Ас даггара декъалдо шу а, шун доьзал, шун гергара нах а бусалбанийн рузманехь уггаре дезачу денойх долчу ГӀурба даран Ӏийданан Денца! ХӀокху Дезачу денна лерана аш мел дина гӀуллакхаш, белхаш Дала Шен дуьхьа дина лорийла. ХӀокху Йезачу хенахь аш гӀийла-мискачу нехан мел хьаьстина дог бахьанехь, Дала шун дегнаш хьостийла.
Дала ГӀурба къобалдойла шун!
Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Умаров В.Д.

