Тахана Парламентизман дуьненйукъара де ду даздеш!


Пачхьалкхехь, республикехь болх беш парламент хиларо тоьшалла до – цу махкахь демократи хилар. Вайна массарна хууш ду, вай дукхазза теш хилла, Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана арадоккху Указ, бен Сацам, т1едуьллу Буьйр, шекъа дакъа а далале, Нохчийчоьнна, нохчийн къомана беркате хуьлий! Х1етте а, Ша демократина т1екхуьйдуш хиларна, Парламентан хетарг Шена мехала хета дела, Шен Указаш, Сацамаш, Буьйраш Парламентан депутаташка дийцаре дойту!
Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин законашдахаран системин бух биллинарг Нохчийн Республикин Хьалхара Президент Кадыров 1абдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжа ву (Дала г1азот къобалдойла цуьнан!) Ткъа кхин д1а Цуьнан К1ентан Кадыров Рамзанан шуьйра ойла, беркате куьг, лакхара авторитет хиларе терра, 2005 шарахь дуьйна, Нохчийн Республикин Парламент, кхоччуш Нохчийн Республикин пачхьалкхан урхаллин хаттарш кхочушдарехь жигара дакъа лоцуш, схьайог1уш йу. Цу хьокъехь суна Парламентизман дуьненйукъарчу денца уггаре хьалха декъалван лаьа Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан!
Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, Дела реза хуьлийла Хьуна вайн махкахь низам латто а, адаман бакъонаш ларйан а декъехь шегахь цхьа дакъа долу пачхьалкхан урхаллин органан Нохчийн Республикин Парламентан болх лакхарчу т1ег1анехь д1абахьа хьелаш Ахь латторна!
Нохчийн Республикин 1илманийн президент Гапуров Шахьруди