Тахана даздеш ду уггаре сирлачарах, мехалчарах долу деза де – Ненан де!


Уггаре хьалха оцу дезачу денца декъалйан лаьа Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолчу Регионалечу йукъараллин фондан президент вайн Мехк-Нана Несин Аймани. Иштта цуьнан цӀарахула массо а нохчийн Нана а.
ХӀокху дийнан мехаллех цхьа мехалла йу, вайн нанойх лаьцна, мохь тоьхна, дика а довха а дешнаш ала таро кхоллайалар, уьш йуха хьахо меттиг балар. Массо а адаман дахарехь коьрта меттиг дӀалоцуш йу Нана. Бакъволчу Нохчочун — хӀетте а!
Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президенто Россин Федерацин Турпалхочо КАДЫРОВ IАБДУЛХЬАМИДАН АХЬМАД-ХЬАЬЖАС (ДАЛА гӀазот къобалдойла цуьнан!) дозаллица лаккхара мах хадабора Нохчийн Ненан къонахаллин. Ткъа цуьнан кӀанта, Нохчийн Республикин Мехк-Дас Россин Турпалхочо КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАНА 2009 шарахь шен омрица билгалдаьккхина Нохчийн зудчун де.
Хьомсара нохчийн Наной! Шун доьзалехь шортта беркат латтийла, ийман-барт дийно-дийно совболийла! Иштта лаьа Шу могуш а, маьрша, дуккха а шерашкахь Шайн доьзалан вуо а ца гуш дехийла!
Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Умаров Джамбулат