Тахана «Нохчийн-оьрсийн меттан дошам» йийцаре йеш, семинар д1айаьхьира

Тахана, 2023 шеран 13 декабрехь, Нохчийн Республикин Iилманийн академин меттан а, литературин а, фольклоран а отделехь, I.Д. Вагаповн «Нохчийн-оьрсийн меттан дошам» йийцаре йеш, семинар д1айаьхьира. Семинарехь дакъалоцуш вара ша автор филол. Iилм. канд. Вагапов Iарби. Цул сов, дошаман дIахIоттам, цхьаццайолу статьяш йийцаре йеш, жигара дакъалецира НР IА меттан а, литературин а, фольклоран а отделан куьйгалхочо филол. Iилм. докт. Альбеков Нурвадис, оццу отделан Iилманан белхахочо Абдулкадыров Адама, иштта НР IА пайде семиотикин отделан Iилманан белхахочо Бадаева Iайшата а. Билгалдаккха деза, карара I. Вагаповн дошам НР Мехк-Дас Кадыров Рамзана кхайкхинчу «Нохчийн меттан шеран» гурашкахь НР Iилманийн академин цIарах кхочушйан лерина рогIера проект йу.