Доьху Хьоьга, Сийлахь АллахӀ

    Сеца ца лун бӀаьрхиш лега вайн баккхийчеран, 1944 шеран 23 февраль дагадеача. Уьш лечкъо а ца гӀерта уьш, и де дагалоьцуш, йа лиъча а хьул а лур дац, хи санна дукха уьш охьаэхарна. Сибрехахь, дӀатарбаллалц, мацалло, цамгаро, махкалло мел эгий нохчий?! Каш доцуш, барз боцуш мел дакъа дити некъахь?!
    Йа АллахӀ Везан-Дела, доьху Хьоьга, Сибрехахь а, вайзаманан тӀемашкахь а, таханлера машаре стигал ларйеш а, мел кхелхина Нохчо гӀазот декъахь ве Ахь! Доьху Хьоьга, Сийлахь АллахӀ, нохчийн къам вочу мел долчу хӀуманах лардехьа, Нохчийчохь маьрша дахар лардехьа!
    Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Д.В. Умаров