Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан!

Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Йуха а хаза кхаъ кхечи вайга – вайн нохчийн къоме! Доккхачу дозаллица т1еийци ас Хьуна Нохчийн Республика социале-йукъараллин кхиорехь доккха дакъа лацарна а, пачхьалкхан т1ег1анехь доккхачу маь1не долу декхарш эвсара кхочушдарна а Россин Федерацин Президентан Владимир Владимирович Путинан Указаца Александр Невски ц1арах орден йалар! Дозалла муха ца до? – Хьан цIе мосазза хьахайо, лараме Паччахь, Нохчийчоьнан сий лакхадолу, Нохчийн Къомана боккха йуьхькIам а хуьлу! Цукеппара Хьуна хилла хазахетар Нохчийн Къомана хилла хазахетар ду, Хьуна дина совг1ат Нохчийн Республикина дина совг1ат ду!
Лараме Нохчийн Республикин Мехк-Да Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, ас даггара декъалво Хьо пачхьалкхан лакхарчу совг1атца! Дала т1аьхье беркате йойла! Ахь дага мел лаьцна хIума кхочушдан Дала аьтто бойла Хьан!
Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Умаров Джамбулат