Дала декъалвойла Нохчийн Республикин Хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа!

2023 шеран 23 августехь 72 шо кхочу, нохчийн къомана къаъ хуьлуш,  Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжа дуьнен чу ваьлла.  

Дуьненйукъарчу терроризмаца къийсам латтош гӀазотехь дӀакхелхира Нохчийн Республикин Хьалхара Президент Кадыров Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжа (Дала гӀазот къобалдойла цуьнан!). 

Цуьнан герз бакъонан дош дара, Iилманан кIорге яра, Ӏеламстаг хилар а дара. Сийлахь-Воккха Нохчо, ша бакъдуьненчу верзале, ларийра нохчийн къам сирлачу къане дуьгур долу некъ къасто! Цу некъа тӀехь ирсачу дахаран маьрша байракх леккха хьалаайбира Йахь йолчу Ден Йахь йолчу КӀанта Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана – Нохчийн Республикин Мехк-Дас!

Дала декъалвойла Нохчийн Республикин Хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа! Дала гӀазот къобалдойла Сийлахь-Воккха Нохчочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин!