Дала дуьне-эхарт декъалдойла хьан! 

Лараме Несин Аймани! Даггара декъалйо хьо йинчу денца!

Хоьгахь йолу бакъйолчу нохчийн зудчун амал а, хьоьгахь хаалун нохчийн кхерч ларбечу ненан амат а масал хилла д1ах1оьттина вайн махкахь. Йахначу чолхечу заманахь мел йаккхий халонаш т1е1иттайаларх махкана а, халкъана а пайде волу йахь йолу к1ант кхии ахь. Ахь куьйгалла ден Регионан йукъараллин фондан г1о-накъосталла вайн махкарчу г1ийла-мискачу а, заь1ап болчу а нахана кхаьчна ца 1аш, Россин регионашка а, гергарчу, генарчу пачхьалкхашка а кхочу. Хьан беркате г1уллакхаш йозанехь дагардан шекъа а тоьур дац, Сийлахьчу Паччахьан Сий долу Нана!

Йуха цкъа лараме, Несин Аймани, ас ц1еначу даггара декъалйо хьо йинчу денца. Веза хин волчу Аллах1а-Дала хьайн доьзалан вуо ма гойтийла хьуна, хьо халчух1оьттина царна а ма гойла! Дала дуьне-эхарт декъалдойла хьан!
Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Умаров Джамбулат