
Лараме Аймани Несиевна!
Дала марханаш къобалдойла хьан, лайна хало, хьегна къа Дала меле дуьллийла! Х1окху Мархин баттахь, ламасте дирзина ма-хиллара, дакхий саг1анаш дохуш, беркате г1уллакхаш деш, болх д1абаьхьира ахь а, ахь куьйгалла дечу Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу регионан фондо а! Аш мел даьккхина саг1а Дала къобалдойла шун! Веза хин волчу Аллах1а-Дала дуккха а шерашкахь хьайн доьзална а, вайн махкана а могшаллица яхайойла хьо!
Нохчийн Республикин Iилманийн академин Президент Ш.А. Гапуров